Чеченское Изложение Цхьана Буса

Уважаемый гость, на данной странице Вам доступен материал по теме: Чеченское Изложение Цхьана Буса. Скачивание возможно на компьютер и телефон через торрент, а также сервер загрузок по ссылке ниже. Рекомендуем также другие статьи из категории «Конспекты».

Чеченское Изложение Цхьана Буса.rar
Закачек 2213
Средняя скорость 4469 Kb/s

Чеченское Изложение Цхьана Буса

Успейте воспользоваться скидками до 70% на курсы «Инфоурок»

/>

Изложенин барам – 100 – 120 дош

1- ра чийрик ( 18с)

1амочу коьчалан ц1е

Нохчийн халкъан кхолларалла

Нохчийн халкъан кхолларалла йовзийтар

Туьйра «Тамашина олхазар»

Дешначу суьртан сурт х1отто 1амор

Туьйра «Кхо ваша» вежарша дина ха.

аг1о 10-12 чулацам схьабийца

Туьйра «Кхо ваша» кхоалг1ачу вешин толамаш

Дас, нанас аьлларг дича хуьлу дика болх гайтар

Туьйра «Барзо 1ахарца мохк къовсар»

Даймахке болу безам бовзийтар

аг1о 22-24 чулацам схьабийца

Классал арахьара дешар «Хьекъал долу йо1 а, кхелахо а»

Хаа деза, харцонал хьекъал тоьлий

Туьйра «Кхо ваша а, саьрмак а»

Дина хьехар схьалаца дезий хаар

Доьшуш хилла к1ант

Шен дешан да хила везар гайтар

Дешархоша шайна дуьйцуш хезна халкъан туьйранаш дуьйцуш д1ахьон урок

Хаа деза, туьйранашка ладог1а а, схьадийца а.

Цхьацца туьйра кечде

Изложени «Ломмий, цхьогаллий»

Лом къан а дела к1елдисина. Тохара санна акхарой леца карх ца долура цуьнан. Т1аккха цо х1илла дира. Ша цомгаш ду аьлла сурт а х1оттийна, охьадижира Лом шен бен чу. Цуьнга хьажа ца веънарг кхана бехке хир ву, бохуш, акхарой т1еэха дуьйладелира цунна, могшалла хатта.

Чу мел деана экха кхаьллина делира Лом. Цхьана дийнахь лоьме хьажа деана хилла Цхьогал. Не1аре а х1оьттина, цо хаьттина: «Х1ун хьал ду хьоьгахь, хьоме Лом, г1оли юй хьуна?» – аьлла.

Ша 1аламат ч1ог1а цомгуш долчуха сурт а х1оттийна, халла йовхарш а тоьхна, г1ийла ц1евзина Лом:

– Цхьогал, хьо дац и? Дера соьгахь вон хьал ма ду. Чу долий, парг1атдалахьа.

– Дера чудеача соьгахь кхин а вон хьал хир ма дара. Хьан чу йог1уш лараш дуккха а го сунна, арайолуш-м яц цхьа а, – аьлла х1илла долчу цхьогало.

1. Къеначу лоьман цамгар. 3. Цхьогалан Лом долчу дар.

2. Акхарошна хуьлу х1илла. 4. Цхьогалан х1илла

Кицанаш довзийтар, царах кхетор

Х1етал-металех кхетам балар

аг1о 49-51 книги т1ехь доцу х1етал-металш язде

Ц1ахь д1аяздина кицанаш, х1етал-металш дуьйцуш д1ахьон урок

Дешархой шаьш болх бан 1амор

Саидов Билалин кхолларалла

Б.Саидов «Майра к1ант Сулима» Седин, Сулимин безам

Дегий, нене болу безам к1аргбар

Сулимин акхарошца тасаделла гергарло

1аламе а, акхарошца а тасаделла гергарло

аг1о 57-66, цхьа дакъа дагахь 1амо

Содина дагабеана шолг1а тешнабехк

Тешнабехк ша шех бахар гайтар

Сулимина карийна накъостий

Барт берш цхьаьнга эшалац

Суьртах лаьцна сочинении язъяр «Дашо гуьйре»

Дозуш долу къамел кхиор

2-г1а чийрик (14с)

Мусаев М. «Ц1ен маьхьси»

Цхьогало барзана бина бекхам

Нахана даьккхинчу ор чу ша эккха

Гацаев С. «Чкъоьрдиг» к1ант кхоьру

Нанас Чкъоьрдигна дина г1о

аг1о 103- 112 чулацам схьабийца

Исмаилов А. Бух1анан дийцар. Лоьман пачхьалкх. Кура сай.

Акхаройн амалш йовзийтар

аг1о 115- 121 чулацам схьабийца

Барт адамашна санна акхарошна а оьший хаийтар

аг1о 121- 125 чулацам схьабийца

Классал арахьара дешар «Лулахой»

Лулахойн барт хилча цхьанна вон ца хуьлу.

Литературни туьйраний а, халкъан туьйраний юкъара башхалла.

Туьйранийн юкъарчу башхалла йовзийтар.

Бадуев С. кхолларалла

Бадуев С. «Зайнди» Зайндис дина ц1ийнананолла

Ненан марзо йоккха хилар хаийтар

аг1о 129- 137 чулацам схьабийца

«Зайнди» дега даитина кехат

Арухин дохко яларан бахьана хаар

«Зайнди» дийцаран план х1оттор

План х1отто хаар.

Планаца чулацам схьабийца

Классал арахьара дешар «Хьасанний, Ахьмаддий»

Вежарийн вовшашца болу безам бовзийтар

аг1о 338 чулацам схьабийца

Изложени «Дика амал»

1аьнан зама. Ша хьаьхначу арахь когаш шерша. Хи дахьаш йог1у цхьа йоккха зуда. Гу т1е хьалайолуш галйолу иза. Когаш шершаш саца а ца елла, охьакхета зуда. И гира ша т1ехь ловзуш волчу 1умарний, Мохьмадний. 1умар, зудчуьнга а хьаьжна, велавелира. Цунна оьг1азваханчу Мохьмада элира: «Эхь ца хетта хьуна вела, хьо-х дешархо ву!» Т1аккха цо, зудчунна хьалаг1атта г1о а дина, ведарш юха дуьзна, уьш ц1а даьхьира. Зудчо резахиларца даггара баркалла элира Мохьмадна. Шолг1ачу дийнахь хьехархочо дикачу амалех лаьцна къамел дира.

Класс ладоьг1уш д1атийнера.

Хьехархочо дийцира Мохьмада селхана зудчун г1о лацарх. Зудчо кехат даийтина хиллера школе.

– Мохьмад ц1ийвеллера, цул а ц1ийвеллера селхана зудчух вийлина 1умар.

Эххар а хьехархочуьнга дош дийхира цо. Хьехархочо бакъо елира. Шега даьлла г1алат ма-дарра д1адийцира 1умара. Дешархошка а, Мохьмаде а шена бехк цабиллар дийхира цо.

1. Зудчун охьакхетар баркалла . 4. Йоккхачу стеган.

2 . 1умаран г1алат валар . 5. Хьехархочун къамел.

3 . Мохьмадан оьг1азвахар. 6. К1ентан кхетар.

Изложени йийцаре яр. Г1алаташ т1ехь болх бар

Шайн г1алаташ лаха а, нисдан 1амор

3-г1а чийрик (20с)

Хь. Саракаев «Баьпкан чкъуьриг»

Хаа деза, бепиг иза массо а х1уманан корта буй

аг1о148-151 чулацам схьабийца

Лийрбоцурш бохучу дашах кхетам балар

М. Мамакаев «Баппа»

Халкъана ницкъ а беш, гулбина бахам, даьккхина дарж, говро хьоршам тоьзча а, духий д1адолучу зезагел баппел тешаме а, т1аьхьало йолуш а дац.

Сатуев Хь. «Лаьмнийн къоналла»

1аламе болу безам к1аргбар, шорбар

М. Сулаев «Ламанан хи»

Даймехкан, халкъан дуьхьа шен ницкъ кхочу г1уллакх дан дезий хаар.

1аламах лаьцна сочинении «Б1аьсте»

Дозуш долу къамел кхиор

Махмаев Ж. кхолларалла

Ж. Махмаев «Буьйсанан г1улчаш» 1,2 дакъа

Билггал шена хууш доцчу х1уманна стаг бехке ван мегар цахилар хаар.

аг1о 175- 184 чулацам схьабийца

«Буьйсанан г1улчаш» 3 дакъа

Шегара даьлла г1алат нисдар цкъа т1аьхьа дац

аг1о 184- 190 чулацам схьабийца

Классал арахьара дешар «Лом-1елин хьуьнарш»

Дешаре болу безам к1аргбар

аг1о 271 чулацам схьабийца

Сулейманов А. «Борз ю уг1уш» мох

Адамийн дахар 1аламан хьелашца дустар муха нисло гайтар

аг1о 192- 194 чулацам схьабийца

Сулейманов А. «Борз ю уг1уш».

Шел г1ийлачух къахетар

Цхьа дакъа дагахь 1амаде

1-Хь. Хатуев «Аьрзунан илли»

Къоман г1иллакхаш довзийтар, уьш лара дезар

аг1о 195- 196 чулацам схьабийца

Изложени «Цхьана буса» ( изл.гулам аг1о 8)

Ж1аьлешка луьйчу Ахьмадан аз а хезаш, ша висна Ибрах1им ойланаш еш вара. Иштта ша висча, ойланашца шеен кийра хьоьжура воккха стаг. Дуккха а хан ю Ибрах1им же лела. Хийла арахь буьйса яьккхина цо кхузахь.

Уьстаг1ашна го а баьккхина, вухавирзинчу Ахьмадана тог1ий чохь ж1аьлеш леташ хезира.

Дарцо охьа ветташ, вухавоьдучу цунна берзалойх тасаделла доллуш шен ц1агара к1айн ж1аьла а, чучча а г1оьртина, басахь дохкуш уьстаг1ий а гира. Дукха чевнаш хилла ц1агара ж1аьла ц1ела кирчича санна дара. Б1арзвеллачу Ахьмада воьддушехь схьаяьккхина шена т1ера кетар кхоьссира берзалошна юккъе. Царах схьайирзинчу цхьаммо Ахьмадана ирча къажийна цергаш гайтира, уьстаг1ашна т1ег1ерташ яра арданг.

Катоьхна шеен карайог1у яраш а лахьийна, цу ц1евнах сирник 1оьттира Ахьмада, т1уьначу ярех ц1е ца летира: т1аккха, шена т1ера схьаяьккхинчу г1овталх сихха ят1ийна ши дакъа а дина, шина а кийсках сирник 1оьттира цо. Бекъа бамба, цхьа ира-муьста хьожа а йолуш, бага болабелча и ши кийсак, цхьацца буйна а йоьллина, лестош, берзалошна чуг1оьртира Ахьмад.

Шена хьалха и тохара санна кхераме къажийна берзан к1омсарш гина йовлаллий, т1екхеттачу барзо некхе ка тоьхна, т1ек1ел эккхийтира Ахьмад. Оцу минотехь, шена юххехь шозза топ йолуш хезира цунна. Берзалой кхераелла д1асаевдира.

1. Дорцах кхераделла жа. 4.Берзалойн т1елатар

2. Воккхачу стеган йоьхна ойла. 5. Ахьмадан къонахалла.

3. Майра ж1аьла 6. Яьллачу тоьпах кхераделла акхарой.

Г1алаташ т1ехь болх бар. Кагерманов Д. кхолларалла

Изложени язъеш предложенеш нийса х1итто 1амор

Кагерманов Д. кхолларалла

Кагерманов Д. «Доттаг1ий»

Дайн г1иллакхаш довзийтар, Бакхий нах муха лара беза хаар

аг1о 200- 202 чулацам схьабийца

Ш.Арсанукаев «Баьпкан юьхк»

Баьпкан кхоам бан безар

Баьпках лаций жима сочинени язъе

Ш. Рашидов «Т1амна дуьхьал довла»

Хаа деза, машаро дахар тодо, т1амо дахар дохадо.

Дешархоша шаьш ешна произведенеш йийцаре яр.

Дешаре болу безам сов баккхар

Классал арахьара дешар «Лом-1елин исс корта болчу Хожин г1аланашкахь»

Бакъдерг тоьлу, харцо оьшу

1. Ахмадов «Къонахалла» Тимар борз ен вахар

Дас к1ант кхетош кхиор. Къонах мила ву хаар.

аг1о 210- 215 чулацам схьабийца

1амийнарг карладаккха. Жам1 даран урок

4-г1а чийрик (16с)

«Къонахалла» Тимара къу вожор

К1анта дена хьалха ша къонах хилар гайтар

аг1о 215- 221 чулацам схьабийца

Дозуш долу къамел кхиор

В-Хь. Амаевн кхолларалла

Амаев В-Хь. «Малх чубаре хьоьжура иза» жима кор

Вайн дайшна гина хало гайтар

аг1о 222-227 чулацам схьабийца

«Малх чубаре хьоьжура иза» Г1ан

Бераша шайн Даймахке, ирсе тийсина са довзийтар

аг1о 227-230 чулацам схьабийца

Х-М Эдилов «Ненан марзо»

Нене болу безам шорбар к1аргбар

аг1о 232-233 чулацам схьабийца

1. Мамакаевн кхолларалла

1. Мамакаевн кхолларалла йовзийтар

аг1о 236-237 чулацам схьабийца

1. Мамакаев «Садаьржаш»

Сатосучу хенахь, самадолучу 1аламан васт х1отто хаар

аг1о 237-238 чулацам схьабийца

М-С. Гадаевн кхолларалла

М-С. Гадаевн кхолларалла йовзийтар

аг1о 239-240 чулацам схьабийца

Гадаев М-С. «Доттаг1ашка»

Массо а Даймахкана орцах бовла кийча хилар

«Суна т1ом ца беза» жима соч. язъяр.

Классар арахьара дешар «Мархийн к1айн г1арг1улеш» Бексултанов М.

Нохчийн матте а, дешаре а болу безам шорбар

аг1о 350 чулацам схьабийца

Хь. Хасаев «Ц1окъ»

Дийнаташ а, акхарой а, церан дахар довзийтар

аг1о 245-253 чулацам схьабийца

Изложени «Зайнди» (лит. 5кл. аг1о 142-143)

Бисолта, денна шен мангала а воьдуш, Зайнди лаха д1асхьа т1аьхьа ца волуш, 1ад1ара. Цунна хаьара, иза Дадалг1еран ц1ахь, шен доттаг1 1алболат волчохь, 1аш вуйла. Зайнди 1алботатца Михайловске деша ваха барт бина вуйла-м ца хаьара Бисолтина.

Кхана д1аваха веза аьлла Зайндий, 1алболаттий кечвелла 1ачу дийнахь еана копирацина товар дохьуш Соьлжа – Г1алит1ера грузовик кхечира. Цу т1ехь и шиъ Соьлжа – Г1алит1е а веана, цигара машинаца Михайловске вахара.

Бутт белира. Кхо бутт а белира. Зайндий, 1алболат Михайловскехь ч1ог1а доьшуш вара. Бисолтг1арна хиънера, Зайнди 1алболатца Михайловске деша вахнийла.

Боьалг1ачу беттан пхоьалг1ачу дийнахь Бисолтг1еран кет1а веанчу цхьа жимачу стага

– Х1е-е, чохь дуй шу? Бисолта? – аьлла, з1арах г1аж а тухуш, мохь туьйхира.

– Да дера чоххьа-м тхо! Х1ун дора ахь? – аьлла, кет1а веара Бисолта.

– Х1ара кехат даийтина шуьга, Зайндигара ду моьттуш а ву со х1ара, – аьлла, Бисолте кехат д1а а кховдийна, чехка юхавирзира и жима стаг.

Изложени йийцаре яр. Г1алаташ т1ехь болх бар

Материалы для обучения и развития детей

Скачайте, распечатайте и согните по пунктирной линии и предложите ребенку отгадать загадку, после того как загадка отгадана можно развернуть отгадку и раскрасить картинку.

Скачать раскраски “Чеченский алфавит-азбука” в формате PDF (2.12 Мб)


Источник: Журнал “Стела1ад”, №1, 2010 шо.


Источник: Журнал «Стела1ад», №6, 2009 шо.

Учим чеченский язык. Учим цвета на чеченском языке. Эти карточки помогут Вам выучить цвета на чеченском языке.
Скачать карточки в формате PDF (1.9 Mb): Учим цвета на чеченском языке.

Download free cards: Colors Chechen language


Читать далее →

Туьйранаш
Ганс Христиан Андерсен
ОЛЕ ЛУКОЙЕ
Перевод Тамары Чагаевой

ЭхI, ма хаза дийца а хаьа-кх цунна! Сарахь, бераш стоьлан йистехь я шайн кегийрачу гIенташ тIехь Iаш долчу хенахь, вогIу Оле Лукойе.

ГIартата доцуш хьалаволу иза ламеш тIехула, хIунда аьлча, кога мачаш ца юхуш, пазаташца лелаш хуьлу иза. Цхьа а тайпа тата доцуш схьайоьллу цо неI, тIаккха берийн бIаьргаш чу мерзачу шурин кегийра дарц туху цо. Берашка бIаьрг беллалур боцуш а, хIара бIаьрга гур воцуш а хуьлу и дарц.

Тебаш, тIехьахула тIе а вогIий, кIесаркIаг чу меллаша хIуп олу цо берашна, тIаккха церан кортош, даш санна, набарна дазло.

ЦIаьххьана, Ялмаран дешаран кинишканаш Iохкучу стоьлан яьшки чуьра, хьенан ду а ца хууш, цхьа аз схьахезира, арз деш.

— ХIара хIун ду те? — аьлла, тIеваханчу Оле Лукойес стоьлан яьшка схьайиллира.

Дешархоша шена тIехь яздеш йолу грифелан* экъа хиллера иза. Цу тIехь арифметикин задачаш еш харцахьа яздина терахь хиларна, цIийзаш, етталуш цхьа хIума яра цу чохь. Терахьаш, охьаэга кеч а делла, лаьтташ дара. Шен тIийриг тIехь кхийсалуш, етталуш яра грифель, зIенах дIатесна жIаьла санна.

ГIалат нисдан лаьара цунна, амма иза муха нисдан деза ца хаьара. Цул сов, арз деш Ялмаран тетрадь а дара: къина воьлхур вара цуьнга ладоьгIнарг. Цуьнан хIора агIонна тIехь лаьтташ даккхий элпаш дара, царна уллохь дехкина кегий элпага а дара. Уьш массо а моггIара дIахIиттина лаьтташ дара. Царна тIе а хьоьжуш, яздан Iама дехкина элпага дара уьш. Царна уллохь лаьтташ кхин элпаш а дара. Гайта дехкинарга санна, шаьш а ду моьттура царна, хIунда аьлча, хIорш Ялмара дехкина дара. Амма къоламца хьаькхначу сизашна тIехь гораоьхуш дара уьш, гааьга нийсса латта дезаш доллушехь.

— Хьовсал, иштта латта дезаш дуй шу-м, — бохура цаьрга гайта дехкинчу элпаша. — КIеззиг цхьана агIор а таIий латта.

— Тхо-м хаза а хеташ нийсса дIахIуьттур ма дара, тхаьш хIитталахьара, — бохура Ялмаран элпаша, — ца хIиттало-кх тхо, боьха дай тхо-м!

— ТIаккха молха малор ду-кх шуна, — элира Оле Лукойес.

— Ма маладе, ма маладе! — аьлла, шайга хьаьжча милла а воккхавер волуга, нийса дIахIиттира уыш.

— ХIай-хIай!-аьлла,тохавелираОлеЛукойе.-БIо санна, Iамор ду ас хIорш хIинца. Цхьаъ шиъ… Цхьаъ, шиъ…

Элпашна нийса латта Iамо вуьйлира иза гайта яздина элп санна цхьа а латталур доцчу тайпанара нийса а, къовладелла а, тIахъаьлла а лаьтташ дара уьш.

Оле Лукойе дIаваханчул тIаьхьа Ялмар сама велира. ДIахьаьжначу кхунна гира: хIара вижал шаьш ма-хиллара, гоман-чIоман дара кхуьна: элпаш.

ШолгIа дийцар

ЭхI, ма чIогIа догIа доьлхур-кх арахь!

Набарха санна хезара Ялмарана иза доьлхуш. Оле Лукойес кор дIадиллича, коре хьалакхаччал хьаладаьлла дара хи. Арахь лаьтташ дийнна Iа бара, цIеношна хьалха лаьтташ сов башха кема дара.

— Тхоьца кеманахь лела ван лаьий хьуна, жима Ялмар? — аьлла, хаьттира Оле Лукойес. -Буса, сахилале, нехан мехкашка а хьаьвсина, Iуьйранна юха а цIахь хир ду вай.

ТIеюьйхина дезчу диинахь ша юхуш иолу бедар а йолуш, цIеххьана кеманна тIе нисвелира Ялмар. Де а сов хаза деанера. Цу кеманахь урамашкахула дIабахара хIорш, тIаккха боккхачу хIорда тIе кхечира.

Шайн бIаьргашна латта ца гучу гена бевллера хIорш. ТIаккха чIерийлоьцургийн боккха бIо гира кхарна. Уьш а яра шайн цIера дIа бовхачу мехкашка йоьлхуш. Вовшашна тIаьхь-тIаьхьа а хIиттина, дIайоьлхуш ярачIерийлоьцургаш.

Дукха хан яра уьш новкъахь йолу. ТIемаша халла бен хIаваэхь латта а ца еш, чIогIа гIелъелла яра царах цхьаъ: бIона юккъехь уггар тIаьхьайисна йоьдуш яра иза. Дукха хан ялале шен накъостел дикка тIаьхьайисира иза. ТIаккха, тIемаш шор а дина, тIеттIа лахайолуш, охьаян йолаелира иза. Кхин а маситтаза тIемаш туьйхира цо, амма цунах гIуллакх ца хилира.

ТIаккха, ирахъяхана лаьттачу тIеман мачтех когаш хьакхабелира цуьнан. Цул тIаьхьа кеманан гатанца шершшина еана, кхарна юккъе охьаюьйжира иза.Матрос волчу цхьана жимчу стага хьала а эцна, яьхьна, цхьана бун чу охьахаийра иза. Цу чохь котамаш а, бедаш а, москалш а яра. Царна юккъе а хIоьттина, гIийла лаьтташ яра и миска чIерийлоьцург.

— ДIахьовсийша, и муха ю! — элира котамаша, ца ешаш.

Цхьа кура юса а елла: «ХIара мила ю?» -аьлла, хаьттира москалан боргIало. Юханехьа а оьхуш: «Вакъ! вакъ!» — бохура бедаша.

ТIаккха йовхонан тов хьийзо Африкех а, цигара гуттар а хьалха хиллачу заманашкахь баьхна хиллачу пирIунех а, тIулгех доьттина дина, сов даккхийра кешнех-пирамидех а, цигахь, малхо яхчийначу есачу аренашкахула, акха говраш санна, маса уьдуш лелаш долу страус-олхазарех а лаьцна дийца йолаелира чIерийлоьцург.

Амма кхо дуьйцучух ца кхетара бедаш, вовшашка, «вакъ! вакъ!» а бохуш, цара элира:

— Схьадуьйла, сонта ю алий, сацам бей вай кхунах лаьцна?

— Шеко йоццуш сонта ю иза, — аьлла, дIахадийра москалан боргIало. ТIаккха, «чIов-чIов-чIов!» — аьлла, лен Iанаяхара иза.

Луьйчуьра сецира чIерийлоьцург. Африкех лаьцна ойла ян йолаелира иза.

— Ма безамехь деха когаш а ду-кх хьан, хIун доьху ахьа церан аьршанах? — хаьттира москалан боргIало.

— Ваххьа-хьа! — бохуш, йоьлура бедаш. Амма цара дуьйцург шена ца хеза сурт хIоттийра чIерийлоьцурго.

— Хьо а елаяла мегар дара кхунах-м, — элира цуьнга москалан боргIало, — сов хаза аьлла дош дара хьуна иза. Делахь а, ахьа-м тоам ца беш хила а мега цунах!

— КIакI, кIакI! — аьлла, ека йолаелира котамаш.

— Вакъ! Вакъ! — бохуш, дIахIоьттира бедаш а. Сов хаза аьлла ду моьттура царна и дешнаш. ТIаккха Ялмара, буьнан берте а вахана, неI дIа а йиллина, схьакхайкхира чIерийлоьцурге. Цу чуьра ара а иккхина, кхунна тIееара иза. Са а даьIна, меттаеанераизахIинца. КортаатеIош, цо, шена баркалла бохуш санна, хийтира Ялмарна.

Цул тIаьхьа, шен шуьйра ши тIам а баржийна, стигала хьала а яьлла, бовхачу мехкашка дIаяхара чIерийлоьцург.

Котамаш екара, бедаша «вакъ! вакъ!» бохура, москалан боргIал-м, дукха дог даьттIа, цIаста санна, цIийеллера.

— Кхана чорпа йийр ю оха шух, — элира цаьрга Ялмара.

Иза оллушехь, шен маьнги тIехь сама а велира иза.

Дакъалоцурш:

Нана
К1ант – суьрташдахкархо.

К1АНТ. Нана, тховса а еа-кх хьо. Суна тахана цхьа де дагадеънера, нана. Казахстанехь дара иза. Цхьана малх кхеттачу дийнахь хьо балхара ц1аеара, к1адъелла, халла са а доь1уш. Хьо бос баьхьна яра, х1етте а ирсе елакъежара. Ахь дуьххьара хьайна деллачу алапех суна мачаш а, кампеташ а еънера. Сан х1етахь ялх шо бен дацара. Суна ца хаьара, ахьа оцу алапех хьайн могашалла луш юйла. Шахтехь болх беш хиллера хьо… Божаршна а хала болх айхьа беш, со меца ца вита г1ерташ, къахьоьгуш, г1елъелла, цамгаро лецира хьо.

Хьо кхелхинчу дийнахь суна чубуьзна малх х1инца а кхетаза бу.
Дуьненчу кхета-м кхета малх, амма суна ца го иза. Х1етахь дуьйна суна ца деза малх кхетта денош.
Цундела сайн суьрташ кхоьлинчу дийнахь, я буса дохку аса.
Нана, дийцахьа, муха хилира иза: сан да кхузахь каш доцуш вайна, ткъа хьо генарчу махкахь 1уьллу, со кхузахула волавелла лела, эсарчу мохо лоьхку комала колл санна.

Буьйса. Суьрташдахкархочун пхьалг1а. Гучудолу ненан г1аларт.

НАНА. Сан к1ант, дера дара иза доккха де, доьхна де. Боккха бала боьссинера вайн махка.
Оцу 1уьйранна хьой, хьоьца дуьненчу яьлла хьан йиша Маримий юза а йина, йина сискал кхе йиллина со йоллушехь, вайн не1 бух а йоккхуш, чу лилхира адам-йилбазаш. Цаьрца цхьаьна чу хьаькхира и шийла, къиза йилбазмох. Цо д1аяйира вайн кхерчара ц1е. Ткъа сийдоцчу мостаг1ашна, ши салти а вуьйш, дуьхьал ваьлла хьан да, оцу йилбазмахо, ваьхьна, т1епаза вайъира.

Ткъа хьоьца шала йина хьан йиша Марима цара 1адийначуьра метта ца йог1уш, сих а хаьдда, г1орийна шагат1улг а хилла, д1аелира.
Иза кешнашка-м мича йохьуьйтура соьга, маьждиган кергахь д1айолла г1ерташ, т1ехь лаьтташ салтий а болуш: «Яла сихха!» – бохуш, г1орийначу лаьттах туьйсуш, ц1ийш а оьхуьйтуш йохийна м1араш со коша йиллалц лезира сан.

Илли хеза:
И чуьйна болат ма ч1ог1а ду,
И сенчу ц1аро лаладо –
Хьо стенах дина, кийрара дог,
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.
И шийла шовданаш г1орийна,
Цу диттийн баххьаш т1е к1ац йиллина.
Х1окху нохчийн, г1алг1айн махка
Шийла кхаъ кхаьчча,
Ца дешир, ца дегира кийрара дог.
Хьо стенах дина хиллера-те,
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.
Болатан цу багахь сийна ц1е летош,
Гомачу новкъа дуткъа дег1 сеттош.
И ц1еран машенаш юьйлаелча,
Ца дегир, ца дешир кийрара дог.
Хьо стенах дина хиллера-те,
Ма ч1ог1а дина хиллера хьо.

К1АНТ. Нана, нана… Сайн пхийтта шо кхаьчча, со х1окху юьрта веара. Ас лийхира сайн йишин Маримин даь1ахкаш маьждиган кертахь, уьш кешнашка яьхьна, бусалба динехь д1айохкийта дагахь. Х1умма а ца карийра суна. Маьждигах, цхьа т1улгийн пенаш бен, х1умма а ца йисинера. Вай юьртах даьхна д1адуьгуш, юхахьаьжначарна гина хиллера маьждигах хьерча сийна ц1е…

Ц1а дирзича, вайн юьрта баха хьала ца бахийтира нах. Теркал дехьа совцийра, кара1амош, къарбан атта хир ду аьлла.
Нана, нана… И соьца цхьаьна исс баттахь хьан кийра бекъна сан йиша Марима гуттар а эшна суна. И д1акъаьстичхьана сайн аьтту аг1o боцуш санна веха со. Сан кхин цхьа а ваша а, йиша а хилла ма дац, и йоцург.
Х1ан-х1а, нана, б1аьрхиш дац хьуна сан б1аьргех оьхуш. Уьш кхачаделла. Хьо цигахь, хийрачу мехкан лаьттахь а йитина, тхо ц1а дог1уш, ц1а кхаччалц а, цул т1аьхьа шо шаре даллалц а воьлхуш, кхачийна сан б1аьрхиш… Ас х1инца ц1е марсайоккху, нана, ахьа дийцахьа… Бийцахьа и вайн декъаза кхоллам.

НАНА. Кира кхоьхьучу вагонашна, бежнаш санна, чу а лаьхкина, оцу вагонаш чохь д1абоьлхуш, цхьаберш г1айг1анах хорам хилла, вуьйш цамгаршна леш, уьш ц1ерпошта сецча лайла a 1уьттуш, д1абохкаран метта. Шен хьаштана юьстахвала меттиг йоцуш, иэхь-бехк, оьздангалла ларъян йиш йоцуш (бакъду, вайн эвлара Пайзуллин йо1 Хазбика – б1аьрго йоххол оьзда йо1 – шен иэхьах ца юхуш кхелхира цу чохь), дуьхьал шаршош а оьхкина, керла адамаш дуьненчу дохуш, ванах, xlapa сел ирча г1ан ма дахделла бохуш, хиллачух теша ца лууш д1аихира берх1ийтта дийнахь-бусий. Т1аккха шийлачу мохо лоькхучу аренашка, акхарой дог1у шуна, сема хилалаш, бохучу хабаро дарбинчу нахана т1ебиссийра. Цигахь мацаллина, шелонна, дужу г1a санна, д1абохка а ца кхиош, хьарчо марчо а доцуш – луо а, дарц а хилир-кха царна марчо, – х1аллакъхилира вайнах…
К1АНТ. Ткъа къонахий бацара цигахь.
НАНА. Къонахий а бара, къонахий боцурш а бара дуккха а… Сулайми Бауддис илли аьлча, вилхина Ч1ебарлара Бетар, цхьамма мотт а тоьхна, 25 шо хан а тоьхна, чувоьллира.

Йиш хеза:
Тхов т1ера котаман бен бохий ахь,
Цу т1е боьду берийн некъ бохий ахь,
Сталин, тхан дахар дохий ахь,
Ва-а, Дала вилла хьо яьшки чу.

Х1аъ, и йиш лекхна аьлла, Шарара Себила, 16 шо кхаьчна кхиъна йог1у йо1, 15 шо а тоьхна, шийлачу махка хьажийра. Дера яра, к1ант, декъаза зама, цхьа Дела воцург, орцахвала стаг а воцуш.

Назма хеза:
Нохчийн, г1алг1айн и г1ийла къам
Х1аллакъхилла долуш лаьтта,
Дохкодевлла тхо хьоь кхойкху,
Ахь гечдехьа, везин Дела.
И Дег1аста юхалохьа,
Тхан Даймохк ахь б1аьрга гайта,
Оха дош ло, везин Дела,
Хьо виц ца веш, Хьуна даха.
Хьог1ах, гамох дегнаш ц1андеш,
Тхаьш санна, тхайн накъост везаш,
Даим маттахь Хьо хьехавеш,
Оха дош ло хьуна даха.
Тхан къинош сов алсамдевлла,
Хьоьга деха юьхь йоцуш ду,
Тхоь ца хьоьжуш, Хьайга хьажий,
Къинхетам бе, везин Дела.
Тхаьш лелийна хьарам дериш,
Дохкодовлуш, кхин ца лело
Оха Хьоьца тоба ма до,
Къобал делахь, везин Дела.
Тхайн Дег1аста ахь схьаяллалц,
1аьржа лелаш, таь1на лелаш,
Синкъерамех, цу ловзарех
Тхо ларлур ду, везин Дела.
Шен дег1ана темаш лоьхуш,
Хьо реза веш, вовза йиш яц,
Шайт1ан дуьней, дегг1ий эшо
Хьуьнар лохьа, везин Дела.
И хьаг1, гамо дагчохь йолуш,
Хьо реза ван йиш йоцуш ду,
Хьог1ах, гамох, хьегарх ц1андеш,
Безам лохьа, везин Дела.
Хьо воцчуьнга толур доцуш,
Доьхна г1уллакх Ахь тодехьа,
Тилла тоба кхетаехьа,
Тхан Дег1аста юхалохьа.

К1АНТ. Иштта Дег1астане сатуьйсуш, боьлхуш, кхойтта шо д1аделира. Делира Дала мискачеран до1ина жоп. Ц1а дерза бакъо а елира. Амма суна ца лаьара, нана, хьо цигахь а йитина, ц1а ваха, Даймахке сатийсам мел боккха хиллехь а. Суна цигахь, кест-кеста хьан коша т1е а вог1уш, сайн бала а ловш, ваха лаьара. Делахь а девашас хийцира сан ойла.
«Хьан ненан даь1ахкаш кху лаьттахь яхкахь а, цуьнан са тоххарехь ц1а а дахана, вайн юьртарчу кешнийн ох1ланехь ду хьуна», – элира цо.
Со ц1а веара. Оцу бехачу новкъахь б1аьрхиш а 1енош.

Илли хеза:
Стигланаш, шу марша 1ойла,
Латтанаш, шу марша 1ойла,
Марша 1ойла, кешнийн ох1ла,
Тхо-м д1адоьлху Дег1астана.
1уьйренаш, шу оха йити,
Суьйренаш, шу оха йити,
Оха йити сийна Сибрех,
Кхин ца лела ч1аг1о йина.
Терзанца оьзна бен рицкъа доцчу,
Эзар волчух б1е ца вог1учу,
Ва дийца каш доцчу
Цу сенчу Сибарех,
Дай-нанойх къаьстина,
Дег1астане сатуьйсуш,
Жам1ате сатуьйсуш,
Молланаш боьлхуш,
Вешеха ва яьлла
Йиша йоьлхуш,
Доьзалах ва яьлла
Нана йоьлхуш,
Тхан рицкъа яздина
Хилла-кха цу сенчу Сибарех.
Йорабби, шаьш байлахь
Бисина доьзалаш бог1у,
Йорабби, вешеха яьлла,
Де доьхна хийла йиша йог1у.
Йолалохьа, нана-Дег1астана,
Елалой, хьасталой, дуьхьал ялахьа,
Хьайн уммат дог1уш.

К1АНТ. Ц1а кхаьчча, ма хетта дахар ца нислуш, дийнахь тем а, буьйсанна наб а йоцуш, б1аьрзе хьийзара нах. Церан кхетамо лоьхура хьалхалера дахар. Амма иза гуттаренна а д1адахнера вайн къоман х1аллакъхиллачу баккхийчеран чкъураца цхьаьна.
Амма дукханна а баха ца лаьара керлачу дахарца. Уьш бехара сатийсамашца а, дагалецамашца а.

Цхьанххьа а синтем ца карош, Россин г1аланашкахула волавелла лийлира со а.
Х1инца шовзткъа шо кхаьчча, кху вайн яссаеллачу юьрта веъна, xlapa суьрташ а дохкуш, хан токху ас. Сан белхийн гуттар а цхьа тема ю: вайн хедийна орамаш, вай ц1ийнах, ц1арах дахар… (Суьрташна хьалха а сецна, дуьйцу царах лаьцна). Делахь а цхьаъ ца тоьаш санна хета суна гуттар а сайн суьрташкахь. Нана, тхан дахарехь ца тоьарг ца тоьа сан суьрташна а – шун дахарехь хилла бакъйолу нохчолла…

Хиллачу оьздаллин дисна цхьа 1индаг1,
Хиллачу кураллин дисна цхьа 1индаг1,
Дерриге дахана к1оргачу 1инах,
Цхьа синош схьах1уьтту, цкъа кхузахь 1ийнарш.

Хиллачу адамийн 1индаг1аш ду вай,
Еса ю вайн б1аьвнаш, стаг воцуш чу ван,
Ваг1ахь а шарахь цкъа генара хьаша,
1индаг1а ду иза – д1авоьду маса.

Х1уъу деш вай хьовзарх: охуш, дуьйш ялта,
Сакъера ховшахь а, эт1абеш пондар, –
Д1адийнарг ца кхуьу цхьа сискал ял а,
Сакъерар хуьлу вайн шайт1анийн ловзар.

Вайн мехкан са даьхьна цу 1аьнан буса,
Ц1ерпошто даьккхина турпалчу дег1ах,
Цундела вайн ялтийн буьртиг ца бузу,
Цунах ду шовданаш т1етесна 1exa.

Ц1ен коьрте довлийша доггах дан зикарш,
Даккхийша ц1ийн carla, д1атоттуш бала,
Цу Деле до1ица дехийша дикка,
Вайн мехкан даьхьна са духа ло алий.


Статьи по теме